3 страница24 октября 2022, 19:37

Шийла дахар.

Мохьмад д|аваьлла 1 шо делира, оцу цхьан шарчохь Исламег йист хуьлуш схьаеара йо|.
Дуьйцаш, наггахь хабар юкъехул Мохьмад дага вохи, сингаттаме хилар йо|, амма Исламас, дог оьцш, хабар дуьйцуш, шадерг Делера дуй кхета йой Радима, даге парг|ато яхар цун.

Безам буьйцучу цхьан суьйранна к|анта элира:
-Радима, ахь ца хаттар соьга, хьо йижан ю яц сун мичар хаа? Вайшин вовше ца кхеташ х|ум нисделча, хьо т|епаз йовш ма яри хьала вахьа, хьай вир амалан дуьхьал дакх х|умма доцуш.
Цундела шу ураме вохи, хьо чохь йолу чоьн кор диллин дуй хьажар-кх со.

-Кор диллин хилч х|уду?- цец яьлла хаьттира Радимас

-И диллин хилча хьо пхьагал йиж ца яьхьакх.
Кор диллан хилч хаа-кх сун хьо сем юй, цундел хьун дик наб кхетит хьа кор долчехь машенахь сай г|ийло эшар ладухш |а-кх со.

-|е хьайн ма луъ |е, тхайчарн цхьан хьо гар, хьун кхи хар урам ца гар цхьаъ хуьлш ду хьун,-элира Ела а луш Радимас Исламе.

-Хьовсар ду вай, го я ца го,-аьлла дуьхьал велавелира Ислам.

Хабар дуьйцуш, вовше доьлуш |ашшехь,
де суьйренга дахар, йо| шен чу яхара.

Ислам чу кхаьчни хьажа дагахь, цуьнга телефон туьйхира йо|а, амма к|ант хьаоьцуш вацар.
Юкъ 2 сахьт даьлча, юху туьйхира йо|а к|анте,
х|инца-м д|а ца йодар цунг.
Цунгар хезаш хабар доцуш, хуъш хумма доцуш, хан яьхьира йо|а. И лоьхуш, цун т|аьхь яьл лела, корт айбан лелаш йолчу йоь|а даго ца йитар, ца хьаьжча коьрто ца йитар.

Ши к|ира делир цу юкъе..

Етташ телефон ю, т|ехьаьжча Ислам ву хьаеттарг. Хьаийцира йо|а телефон.
-Радима, буьйса дик хил хьа!

-Дал везийла хьо.

-Радима, бехк ма биллахь сун, авари йин чу вижан лаьттан со 2 к|ирнахь, цхьанне аг|ор хьоьг хаам ба йиш йоцуш, хал метт веан ву со.
Сой метт веанчхена, ас хьоьга хаитан.

Д|адаханчу шара Мохьмад д|акхалхар дага деан, йо| элира:
-Бехке дац, Дала эззар балех ваьл хулитойл хьо.
Хьо могш хилчхьан, бехк х|унда буьллуш бар ас хьун,-аьлла, шен и ишт |арн новкъ дуй хаарн кхоьруш, шен ма хуллу халхетар лечкъош йистхилира йо|.

Телефон д|аяйъина юкъ сахьта далле, йо|е юх хьатуьйхира телефон йоьвзуш йоцучу номерах.
Цу буьйсан ша схьа ца эцна йолу телефон бага йохи, хьа ца оьцуш |а ца яхьар и, хуу хила тарло аьлла.
-Ков долчер цхьан галле зезагш схьаэца, Исламегар ду хьун.
Д|аяйъира телефон, х|ара йистхил лара ялле.
Х|окх хенахь Радими ваш чу вохи хууш даитан хиллер уьш, х|окхо цун галле хьаоьцар дуй хууш.

-«Хьо йиц ел минот еан яц-кх сун.»
Зезагш юкъ диллин кехат дийшира йо|.

Дала саг|а дойла хьа хорш, делахь, оьшуш-м дацар хьун,-аьлла язйира Радимас Исламе.
Йо|ан хазхеттер цо шен ишт терго йич.

Денош, беттанш д|адоьдуш дар,  сахьтанш санна сих. Цу юкъе 3 бутт бели, кхо бутт баьлча Ислам Радима ара яьккхан, къамел да волавелира.

-Со хьоьга вистхулш волу к|еззиг хан яц, х|инц 17 шо ду хьа, доьдуш 18 шо ду.
Вайшин безам кхи т|еч|ахба ца леа хьун?

-И муха хул?-хаьттира,  и ху ала воллу кхеташ йолчу йо|а.

-Хан йиллита вайшинг. Хьа 18 шо кхача биснарг цхьа бутт бу, оцу цхьан баттанчохь хьо кечам ба ларор ю. Хьа 18 кхочуш дийнахь, хьовза са керта, к|ай духар дохи. Тешаман хум лохьа соьга.
Хьун сун жоп дал аьхь хетахь, я ойла я хан езахь Таханлер де дукх хьуна, кхан суьйран сун жоп дезар ду хьун Хьоьгар.

-Мегар ду, айс ху къастам бина, ас кхана хоуьтар ду хьун.

-Мегар ду, чу г|о делахь.

Чу яхча ойланаш т|ома йоьвла яра йо|.
Ше ненега дийцир цо, шег цо аьлларг.

-Радима, ойла яй х|ум де, хьун луарг, суна леа хьун, ахь динчун реза со ю хьун. Хьой реза ялахь цунц дахар декъа, д|ало цунг тешаман хум, амма хьай шеконаш юй, хьой дохко ер йол хум ма делахь.

Ненега йистахил, нена дагар хиъчу йо|а сацам бира, ша цун тешаман хума лур ю, цо бохучу хенахь цера керта юссар ю аьлла.

Шолаг| дийнахь, 3 даьлча араелира йо| к|антан.
Тап аьлла, кхи йиста ца хуьлуш, цуьнан машен
т|е дашо мухар охьа диллира цо.

-Со кхетта-кх хьоьх, Дела реза хил хьуна Радима, хьан б|аьргар хазахетаран хиш совцур дац аьлла, ас дош локх хьун.

3 страница24 октября 2022, 19:37

Комментарии