2 страница24 октября 2022, 18:46

Дагалецамаш.

-Радима, Радима хьалг|атта, ма |а йиш яц вай,-бохуш, ша сам яккха г|ерташ йолу шен
т|ехоьттан |аш йолу шен доттаг| гир цун.
Вай х|ун хилла? Ялхолг|а сахьтехь сам ма яькхи ахь со, х|умма-м ца хилла?
-Радима, вайш ях езаш ю, йоло соьци хьо.

-Стенга йоьдуш ю вайш? Хилларг х|унд ду? Кхета ехьа со, ма цец яькхан ахь со.
Райана, дийцахьа соьга х|ун хилла?

-Радима, хьалаг|атта, йоло хьай йоьхь йиле,
х|ума яа, д|акхаьч хуар ду хьун, хилларг х|ун ду.

Ах сахьта дели цул т|аьхь цу юкъа, схьаеара Радима.
-Радима, |аьржа йовлакх тилла, |аьржа х|уманш йохахьа, кхоьлино ю вайн, сирла бос болу х|ума товр яц арахь дол хьоле хьаьжча.

-Мегар ду Райна, со кийча ю-кх х|инц.
Стенга йоьдуш ю вайш?

-Схьавохуш новкъахь са Ваша ву, яхан йох вайш.
Цхьан керт яха езаш яр со, сай пакет схьаэца.
Вуьцш лаьтшехь схьакхечи-кх х|ара.
Йоло, чу хуу вайш.

Некъ ларбеш |аш йолу Радими вуон а, дика а ойланаш яр коьртехь:
Х|окх ураме х|унда даьхки те вай, х|окх юкъахь ма дукх машенаш ю-кх.

-Д|акхечи вай, йоло Радима, чу йоьду вайш.
Шен улле яькхна пхьарс а лаьцна цхьана тап аьлла долчу керта йигира Райанас Радима.

Не| д|айиллича, вахь биллан шарур к|айн куз санна д|ахьарчиначу х|умнах б|аьрг кхийтира Радими.
Т|ехьа хьаьжча, шеци йолу Райани б|аьра хиттийн хиш гир цун.
-Вайш х|окхе х|унда еан? х|орш муьлш бу?
Райана, ма |е тап али, кхета е со хилчух!!

-И Мохьмад вукх.

-Мил ву Мохьмад? Мичахь ву Мохьмад?
Ахь дийца х|ун дуьйцу?

-Радима, Мохьмад д|аваьлла Сийсар,
авари йин ша волчахь кхалхар нисделла цун.

|уьллучу к|айн х|уман улле яхча, марчо юкъ хьарчинарг Мохьмади дакъа дуй гир Радимин.
-Ахь х|ун дуьйцу Райааан, хулийла ма дац ишт,-
Мохь баьлла, голашка юьйжира йо|.
Мохьмаад, хьалг|атта, ма |е ишт Мохьмад,
са доттаг| вац хьо? Ма ле яйша со, алийш цхьаммо, х|ара шаьш йина |овдал забар ю, алийша х|ара г|ан ду!!
Мохьмааад, г|атта хьал, ма йита со тесна.
Сун г|оьнча мил хир ву Мохьмад?
Хьо д|аваьлча сун хьехар хьа дийр ду?

Елхар минотан соцуш дацар Радими, ца тешар и Мохьмад ву аьлча и охь виллинарг.

-Радима, хьайола, ара йолу вайш х|окх чуьра.
Хьалг|атта Радима, хьайола, ма |е х|окх уллехь.
Хьун и ма гайта аьл дара, делахь хьун и ца гайтич, со мегар яцар, цундела х|инц схьайола.
Х|окх чу кхиболу нах гул балле ялийна яра ас хьо х|оккхе, х|окхун йиш йолшехь вай доттаг| Ясмина ю сатоьхна |аш. Йоло х|инц, д|айоьду вайш, суьйренци чу кхетар ю вайш, Ясмина муха ю хьожуш.

-Т|аьххьаре |адик яйтахьа соьга Мохьмадиц Райана, со ара йолу хьуна т|акха.
Тап аьлла, кхи йиста ца хуьлуш, дехьа чу елира Райана, и ша юьтуш.
-Мохьмад, Са хьоме Мохьмад, х|ара худу ахь динарг? Ишт со |ад йитан х|окху дуьненахь сой, д|авоьдуш ву хьо? Са доттаг| вацар хьо х|а Мохьмад? Ахь х|унда |овжи са кийра, х|унда дохи ахь са дог Мохьмад? Са ойла х|унда ца йир ахь Мохьмаад, х|унд ца йир ахь соьц |адика?
Ахь безаман некъ сайг кховдийча, т|елаьцна хир ма бар ас, хьо ишт сих д|аг|ур вуй хиънехьари.
Хир ма яцар со кхечунг йист, |ад вуьтар ма вар ас Ислам, цуьнца болу некъ д|ахадор ма бар ас Мохьмад, ахь ишт сихо йийр юй хиънехьари хьа дог эцна хир ма дар ас. Дала са ц|еначу даггар декъал войла хьо, Дала геч дойла хьун Мохьмад.
Къинт|ер валлахь сун, къинт|ера валлахь суна Мохьмаад, ас хьайгар безаман некъ т|е ца эцарн.
Дала хьой вирзинчу х|усамех ваккхири войтуьл хьо.

-Райана, йоло, д|айоьду вайш.
|адика йойла хьа Мохьмад..

Чур ара яьлла ц|а яхара Радима, Райана.
Ц|а яханчу хенахь ша, чу яхан охьа хиъ, ойла я хоьттира и. Телефон т|е хьаьжча, шега тоьхна хилларг сийсар мил хилла те, шег хьатоьхначунга д|атуьйхира Радимас.
-Алло?

-Алло? Хьо мила ву хаа мегар дари?

-Дер мегар дукх, Со Ахьяд вукх.

-Лаа тоьхнери ахьа соьг сийсар?

-Х|а-х|а са йиш, хьоьга тоьхнарг со вацар, Дала геч дойла цун, са доттаг| Мохьмад вар. Цуьн номер ю х|ара.

-Мегар ду, сийсар мас даьлча йина цо авари?-
Аз дегош хаьттира Радимас.

-Цхьайттолг|ачу сахьтехь йина.

-Мегар ду, Дела реза хил хьун.

-Массарна хилил и реза.

Йо|а кхоьлинчу юьхь т|аьхь елар хоьтти.
Мохьмад, соьца |адика я тоьхна хилла-кх ахь соьга, хьомениг, йиц елла ца хилла-кх хьун со.

Мохьмад 19 шо долуш, Радими юьртахо, доттаг| вара. Шен Ислам воьвзича, цунг йистхила йола елла, Мохьмадс шегар безаман некъ т|е эци, шега йистхил аьлча, ше кхи некъ бу, аьлла т|е эцна ца хиллера Радимас Мохьмади безам. Цу т|ехул, цунца долу гергарло д|ахадийра цо. Амма х|инца йо| дохко а юьйлуш ойла йора хилчун. Эцна хил делира ас ша цун дог, йин ялар ша цун терго бохуш.
Б|аьргар хиш |енош г|ийло тоьвжан |аччохь, хиллачух дик кхетта йоцучу Радимин наб кхийтира.

2 страница24 октября 2022, 18:46

Комментарии