Ойланаш.
Соьга хьоьха лаьцна дийца алахь, суна-м хаац хьоьха лаьцна х|ун дуьйцур ду..
Хьо сайц муха дик вар дийца те ас, йа сун хьо мел ч|ог|а везна дийца те?
Дийца йола елча, дийца шортта ду, амма массо х|ума х|окх юккъе тарлур дац са.
Кехат тоьъчи, шекъа тоьар дац, йа дешнаш тоьар дац-кх, хьоьга болу сай безам бийца.
Делахь, хьоьлла хьоме цхьаа вац-кх суна...
-Кхана сайн и гич, цуьнга д|алур ду-кх ас х|ара,- аьлла, кехат охьа диллир йо|а, ша цунна и йаздарх ца тешаш.
Наб ца кхеташ тоьвжана |ачу йо|а ойла йора:
-Цун и кехат д|алушхенахь и са б|аьра хьаьжча йухур ю-кха со, аьхь хетар дукх суна, соьга и даллур дуй теша? Ца делча, цун хуар дац-кх сун ша везий, ца делча ца йола-кх со.
Ойланаш еш |ашшехь йо|ан наб озийра, амма ца хаар цуьн мел дол х|ума, ше коьрта чохь хир ма хиллар хир доций..
Т|екхечира йо| сатийсина де. Шай кечлуш |ийна, ша ларина хаза хеташ, йаккхи юьш |ачу йо|е телефон туьйхира.
Схьа кхаьчна-кх и,- аьлла, еларца, шен даьл долу самукъ лечкъош к|антах ара елира йо| шен кехат схьаэцна.
-Ма дукх хан яра сун хьо ганца,-аьлла вистхилира к|ант.
-ши шо дели-кх сун хьо ца гуш.
-Вайш ца гуш д|абахан бол бутт, шин шарел бах суна беллер-кх,-элира йо|а, шен сагатделлери хоуьйтуш к|антан.
Вовше хьоьжуш |ашшехь, шен д|адала дезаш долу кехат дага деан, йо| к|анте йистхилир:
-Х|ара схьаэца, хьай сагатделч доьшур ахь,-аьхь хеташ цуьнан машен т|е охьа диллин кехат, йо| чу яхара.
Доьалг|а сахьт дола делир, йо|ан наб ца кхеташ.
Ойланашка яьллер йо| юха а:
-Со цунг йистхулш йолу дукх хан ма яцара, оцу шин баттахь ма ч|ог|а сан даго т|елаьцна и адам.
Ас хьа ойла еш санна, йой те ахь са ойла?
Ас хьун гаттош санна, гат дой те ахь сун са?
Хьоьг яззо ма ца хут со, я хьоьг безаман дош ала ма ца ло соьга. Хилларг х|ун ду те? Х|ун хил долу те вайшинчух? Хуа хилахь, Дала диннарг бе хир дац-кх аьлла, д|айижира йо|.
Буьйсан цхьайтта даьлла хан ю йоьдуш, етташ телефон ю.
-Х|окх хенахь, х|ара ва мил ву те соьг еттарг,- аьлла телефон т|ехьаьжира йо|.
-Сун йоьвзуш номер ма яц х|ара, дахум дац ас и схьаэцна,-аьлла д|айижира йо|.
