Ца хилла ирс.
Т|екхочуш дар йоь|а 18 шо кхочу де.
Т|екхочуш яра йиллин хан.
Т|еюху цхьа коч, т|еюх важ кхи коч..
-Х|ара хазхетар юй те Исламин?
А х|ара муха хетар ю те цун?
Х|ара товр юй те соьхь?
-Радима, сих ма ло, х|инци ши к|ир ду дисин, ларор ю хьо коч харжа, парг|ат харжа хьай,
ма ло сих,- бохуш, Радимин уллехь цуьнан нийса накъост Райана яр.
Коч хаьржина, куча сурт дахьитан Исламин,
цо х|ун эра ду те цун, бохуш ойла еш йоьдуш яра Радима.
Г|ирс кечбеш х|окхарн г|о да дезаш йолу йо| Исламарн генахь |аш яцар, и схьа яло цаьрга яхнера Радима ше шичици, ткъа дено сарралц телефон схьаоьцуш Ислам вацар.
Кечамш беш хир ву, ларош хир вац бохуш, ша шена масла|ат деш |ара Радима, и чу ца волуш хан яьлча.
Д|акхечира х|орш и йо| йолче.
-Марша дог|ийл шу!Схьа чу дуьйла,-аьлла елакъежна дуьхьал елира х|окхер г|оьнча Зулай.
-Делер салам маршал хуьлда, хьо ларош юй? Хатт мел везарг могуш вуй?
-Алхьамдулиллах| дукх дик |аш вукх шаверг, лара йо.
Хабар дуьйцуш вовше, шай т|орк|азш муха кечдич хаз хир дар те, бохуш т|ебирзан бохкуш бар йо|ри.
-Хан йилний?-хаьттира Радимег Зулайс.
-Х|аъ, йиллин, бакхи нах там мах беш 3-4 де дисча бохкуьтар бу аьлла йиллин хан т|екхача.
-Гуттар дика ду, хьаьнга йоьдуш ю хьо?
-Х|окх шу урамер Исламе.
-Ислам ялийн ма ву, Исламе муха йоьду хьо?-элира Зулайс Радиме.
-Цо забар йо моьттуш йолчу Радимас элира:
-Дер йоьду ишт, шолаг|ниг йоьдш ю со цунг.
Бела а боьлуш |ара йо|ри, ца хаар Радимин, цо йинарг забар йоци.
Бовла боьвла, д|абоьдуш некъ чекх баллалц ара хьоьжуш яха марз елла йолу Радима, корех ара хьоьжуш йохш яра Радима.
Исламер кет|ахь, Исламс йицан хил шега светофор дага еан, д|а схьа хьаьжира Радима,
Ша г|ур йолу керт гой техьа, аьлла.
Исламер керт йолчар светофорехь х|орш совца соьвци, Радимин Ислам гир.
Жимал яла йолуш йолу йо| чу хаийна, цхьанахь вахар Ислам. Цун гергар яр им, эра дар Радимас, шен и йо| х|инцалц гинехьари, Ислами, оц йо|а цхьатер духарш ца хиллехьари т|едоьхна.
Чу кхаьчхенахь, Радимас Зулайг хаьттира:
-Буьйса дик хил хьа, Зулай.
Хьо бакъал луьш яр, Ислам ялийн ву олучу хенахь?
-Дал езийла хьо, Радима, дер яркх. Бакъал хир яц хьо цунг йоьдша-м?
-Х|а-х|а яцар со-м,-аьлла, ше дегош долу аз ца хазийта сихонц д|аяйъира Радимас телефон.
Бин кечам бу, диснарг к|ира ду.
Йо|а доьхна дог ду.
Ахь дошша-м деллера, са б|аьргаш доьлхучур совцур дац аьлла, ткъа сай лозучу даган доьлхучур совцур дац, аьлла,
делла дош ду х|унда ца алар ахь соьга и?-бохуш елхар йо|.
Цу буьйсан кехат яздир Радимас, Исламе д|адал.
Дийнахь, кеч ел, х|умма ца хилча санна елар хоттийн йоьхь т|е, б|аьргш къага къеган ц|аа ца йилханч санна, цер урамехул ше нийсархошци йола яла яхар Радима, ша яздина долу кехат схьаэцна.
Цер урамехь хиъ|аш Ислам гир цун,
ше х|усам-нана нуй хьаькхна яллалц, цуьнг хабар дуьцш, воьлуш, забарш еш.
Радимех б|аьрг кхетча, цец велира Ислам,
ц|аа шаьш долчахь и ган марзвелла воцу.
Ислами б|аьра хьоьжуш,
«Ахь х|унда би сун х|ара тешнабехк, х|унда |ехи ахь со?» бохуш хеттарш деш ша шега,
уллохула т|ех елира Радима.
Урамер цхьа жим йо| шен т|е кхайкхан, цун
Х|усам-нана чу яхча, оцу жимчу йо|е Исламе кехат д|адалитир цо.
Кехат схьаэцна Ислам деша дешна Радиме хьаьжира, ткъа Радима, ше хиш дуьзна долчу
б|аьргашца Ислами б|аьра хьаьжна,
т|аьххьар цуьнца |адика еш, д|аяхар Радима.
Исламс, Радимас, лулахой кевнаш цхьан доьллуш, шаьшим адам цхьана тухар ду,
аьллачу дийнахь, адам цхьана туьйхира.
Ше 18 шо кхочу дийнахь, Ислами керт юссуш меттан к|ай духар доьхна, к|ай марчо доьхна кешни кертар латт бух йирзир Радима.
Цул т|аьхьа нисс 2 де делир, 3 буьйсан,
йо| латта буха йоьллин |аш болчу Радими
ц|ерчарг шийла кхаъ беара:
Ислам вижан |аччохь д|аваьлла карина, аьлла.
Йо| д|айоьлли, к|ант д|авоьлли.
Цаьршин безамах диснарг,
Радимас |адика еш яздина кехат дукх:
«Юххул са даг т|е кхача,
са п|ендарш кегго дезар ду хьа.»
Са ца хилла ирс..
